Дерриге а д1адер ду.
Х1ара дуьне дуьсур ду.
И шайн ду моьттинарш
Юьхь1аьржа х1уьттур бу.
Духур дац моьттина
Лаьмнаш д1ашарлур ду,
Карзахе екийна
Аренаш къарлур ю.
Массо а д1а вер ву:
Ахь ган сатийсинарш,
Ахь безам латтийнарш,
Ахь гамо къийлинарш.
Ахь йина ойланаш
Есаллехь д1айовр ю.
Ахь дозалла дина дег1
Лахьтичу дуьллур ду.
Эхарт дуй хууш верг
Ша Деле кхойкхур ву.
Дуьненах дош хеттарг
Иманах вухур ву.
Ижуна тессина
Гезгамаша санна
Ду хьуна х1ара дуьне,
Хьо 1еха ма лолахь
Цунах ца тасалуш
Т1ех вала хаалахь
Цуьнца ца къисалуш
Хастам бай диталахь.
Ахьа Деле дехалахь
Садалар ийманчохь.
Ахь Эхарт дехалахь,
Парг1ато лахьтичохь
Ша цигахь йоцург
Парг1ато яц хьуна
Цигахь хьан хилларг бен
Юьхьк1ам а бац хьуна.
Чечен Ифно