Вайн кураллин доза дац.
Вайл декъаза къам а дац.
Дарах къолаш, лерах харц,
Вай берзалой шек я яц.
Бусалбанаш ду вай, бохуш,
Ваьш вай вовшен 1ехадо.
Вуьзнарг хьоьстуш, эшнарг чийхош,
Шалхонаш вай лелайо.
Вай зуькарех хелхарш дина,
Нахе вай люйш хилча харц.
Мовлидех – концерташ йина
Рицкъа гулдеш хилча харц.
Синойн саьхьаралла тоьлла,
Вовшашца вай болий т1ом.
Вай бен муьлуш, х1у ду, аьлла
Вайл толийти д1овше сом.
Х1инца вовшен вай ца деза
Вовшашна чекх гина са.
Вовшен дарба, ийман лахе,
Вешан орам лаха схьа?
Муьлуш ду вай? Вайх х1ун хилла?
Хьан даьхьнате д1а вайн са?
Деле кхетам, собар дехай,
До1а вай цхьа жима са?
Ладог1а вай вешан ц1ийга?
Самадаккха дижна эс?
Цхьа къам хилий, т1егулло вай,
Дитий декхаза «со-ас»?
Нохьех девлла нохчий ду вай.
Пайхамарин ц1ий а ду вайн
Дала белла тоьлла мохк.
Синош вайн дайн хилла токх.
Х1инца х1унда осал девлла?
Х1унда вина соьмах Дела?
Ахча дерг бен къонах вац
И къу хиларх, лерах харц.
Дела 1ехо г1ерта вай.
Хабаршца и хеставо.
Ийман – ислам дуьйцу вай.
Далла-м вайн г1уллакхаш го.
С-Х. Нунуев
с. Махкеты
Чечен Инфо